Изложени Дуьххьарлера хьехаро Вот текст.

ДУЬХХЬАРЛЕРА ХЬЕХАРХО.

. Тхешан куьпарчу берашца школе йигира со а. Мел хазахетара суна! Моьттура, дерриге дуьне оцу сайн жимачу т1оьрмиг чохь ду, цу чуърчу абато со цхьана тамашийначу ирсе кхачор ю.

Лулахойн бераша хьехархочуьнга д1аелира со. Тхан йишин Элитин хенара йо1 яра иза. Амма сунна цкъа а диццало и де а, сайн духхъарлерачу хьехархочун сурт а. Х1инца а сайна гуш сана хетта цуънан. эсала, екхна, к1айн горга юхь, къинхетаме б1аьргаш, букъ буъззина стомма 1аьржа ши ч1аба, д1аса т1емаш тесна даьржина 1аьржа ц1оцкъамаш, к1еда аз.

Суна а, тхуна массарна а Белител дагна хьоме адам дацара. Цо т1еюьйхина муьлхха коч, тиллина йовлакх, лергех оьхкина ч1агарш, когара мачаш – уьш механа мел йорах хиллехь а, тхуна исбаьхьа хетара. Тхо дерриг а цунах тардала г1ертара.

Массанхьа тхоьца яра Белита. Х1инца ойла йо ас: цо ешаза книга, цунна ца хууш х1умма хила а хиллийтехьа?|Муьлхха а хаттар шега даларх, эсала ела а къежий, нийса жоп лора цо. Дуьйцура муьлххачу а книгех лоций. Ткъа туьйранаш! Цкъа а к1ордор дацара цаьрга ладог1а. (А.Айдамиров)​

bogdan345710 bogdan345710    3   03.12.2020 21:50    2672

Ответы
viktoria050504 viktoria050504  29.11.2022 07:38
Извини я незнаю ответа
ПОКАЗАТЬ ОТВЕТЫ
Другие вопросы по теме Химия