Сочинение по чеченскому языку "Хьоме Нана" длинное надо на 8 класс

pomogitmneaaaa pomogitmneaaaa    2   26.11.2021 20:51    10

Ответы
goooll goooll  02.01.2022 15:44



Сочинени "Сан хьоме нана"

Сочинени: «Сан хьоме нана! «Нана»-хьол сирла дуьненахь кхин дош дац Хьоьца бен дагана ца хедаш йовха яц Хьомечу Даймахках- нана-мохк алар а,- Ду хьуна хьан безам бух боцуш хиларна /Мамакаев М./ Адамийн дахарехь наноша леладо маь1на 1аламат доккха ду.Уггаре коьртаниг –иза ю вайна дахар делларг. Дуьххьара вай олу дош ду «НАНА» Нана ма ю,шен сина эшам а беш, вай кхетош, вай кхиош, вай нисдеш, вайх нах деш ерг а, даккхий хилча а т1ехь, хьоьстуш, шен т1ома к1ел ийзош. Х1ора беранна шен нана дуьненал сийлахь а, ломал лекха а, маьлхан нуьрал хаза а, шовданал ц1ена а хета. Доьзалан марзо а ненехь ю. Нана ю доьзална юккъехь бартбийриг а, х1ораннан амалш к1адъеш, церан юкъаметтигаш, церан уьйраш хер ца йолуьйтуш,х1оранна а шен-шен меттиг д1аелла, эвхьазлонах, эхьах, бехках, вовшийн хьог1ах, гамонах ларбеш, церан нийса накъост хилла, кертан а, кхерчан а 1у хилла лаьтташ ерг. Вай дахаран шуьйрачу новкъа доху наноша .Т1аккха шен доьзалхо маца ц1а вог1у-те бохуш,б1аьрса артдаллалц некъ ларбеш 1а наной. Сан ненан марзонах дуста х1умма а дац..И йоцуш муха хир дара хаац суна я хаа а ца х1утту. Дахарехь цхьа хазахетар хилча, иза декъа нана лоху вай. Цхьа халахетар, цхьа цатам хилча ненах дагадовлу вай. Дог доьхначу хенахь ненехь синтем карабо. Охьакхетта ког-куьг лазийча, цхьа сиркхо хьакхаелла цомгуш хилча, нанас куьг хьаькхча, цо хьаьстича, лазар дайло. Веза-Воккхачу Дала шен къинхетамах мА йоккхийла цхьа а нана! Хаттар х1утту сан даг чохь: там хир барий техьа суна нана йоцчу кхечуьнгара? Х1ан-х1а. Иза сан нана ю: дуьненан марзо, б1аьрган серло, маьлхан нур. Иштта сан марзонах йоьллачу сан нанна а синтем ца хуьлу со юьзна а, елаелла а ца хилча.

поставь 5 ЗВЕЗД

ПОКАЗАТЬ ОТВЕТЫ
Другие вопросы по теме Другие предметы